ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогӀера социйла - дроно хӀаллакйина. Оьрсийчоьнан къилбаседанехь аьчканекъашна тохарш дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Товбеца-баттахь Украинан дронаша массо а агӀор тӀелатарш дан долийра Оьрсийчоьнан къилбаседан регионийн цӀерпоштнекъан гIишлошна, цуо дикка новкъарло йира цӀерпошташна дIасалела, дIахьаьвзачу коьртачу меттигашна зенаш дира. Муха тӀеӀаткъам бан мега оцу зуламаша дозанан регионийн логистикана а, кхерамазаллина а – тхан сайтан материалехь.

ЦӀерпошташна тӀехь, къаьсттина дозанца йолчу регионашкахь, диверсеш йар дӀахьош ду Оьрсийчоьно Украинана тӀелатар долийначу йуьххьехь дуьйна. Амма къаьсттина 2025-чу шарахь тӀелатарш Iаламат дуккха а хааделира. ДӀадолоран меттиг лара мегар ду Курскан а, Брянскан а кӀошташкахь мангал-беттан 1-чу буса цхьана хенахь тӀайш лелхийтар.

Хьалхарчу хьолехь дохийна аьчканекъан тӀай: товарийн цӀерпоштан паровоз некъа тӀе охьайоьжнера, кхо стаг лазийра. Брянскан кӀоштахь цӀерпошт йоьдучу рельсашна тӀе охьадоьжнера некъахойн тӀай: велла 7 стаг, I04 кхаччалц чевнаш йинера. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира инцидентах "Украинан ВСУ-но дина терроран тӀелатарш" аьллера. Оьрсийчоьно Истанбулехь дӀахьош долу дийцарш дохорхьама Украинан векалша, "харц байракх" айбина дIайаьхьна операци хила мега аьлла, дIакхайкхийра официалехь.

ХӀетахь Оьрсийчоьно ницкъаш кечбеш бара Сумин а, Харьковн а кӀошташкахь "буферан зона" кхолла. Украинан Ӏедалша бинчу хаамца, церан дозанашкахь дӀатарвира I25 эзар эскархо, билгалдаьккхира тӀом толлучу америкахойн Институто. Оццул йоккхачу тобанна оьшучун кхачойар, схьагарехь, лелхийтинчу некъаштIехула латтош хилла.

Дронех пайда а оьцуш, Оьрсийчоьнан къилбаседанехь йолчу аьчканекъан вокзалашна Ӏалашонца тӀелатарш дан долийра цхьа бутт ах бутт баьлча. Дуьххьара дӀайаздинарг хиллира товбеца-беттан 19-чу буса Ростов кӀоштахь.

Ца баьллачу денна сецош буьгу цIерпошт

Товбеца-беттан 19-чу буса БПЛА-ша тохарш дар бахьана долуш Лихая цӀерпоштнекъан вокзалехь некъан дӀасалелар талхийра - подстанцина тӀелатар дар бахьана долуш ток дӀайалар тӀечӀагӀдинера губернаторан декхарш кхочушдечу Слюсарь Юрийс. Оьрсийчоьнан цӀерпоштнекъан энергосервисийн аьтто ца баьлла делкъал тӀаьхьа бен ток меттахӀотто, цу хенахь график меттахӀотто йолийра. Лихая социйла —цӀерпоштнекъан уггар а коьртачех дӀасакъастар ду, Ростове а, Волгограде а йолу рельсаш Оьрсийчоьнан юккъерачуьнца йоьзна йолу. Некъахойн цӀерпошташ 10 сахьте кхаччалц некъаш тӀехь лаьттара: вагонаш чуьра нах ара ца бовлуьйтура, чохь йолу кондиционерш а болх беш йацара, ток ца хиларна.

Цул тӀаьхьа нисса цхьа де даьлча, товбеца-беттан 21-чу буса, дронаша йуха а тӀелатар дира цӀерпоштана – хӀокху ханна Шахты гӀалин йистехь йолчу Каменоломный станцехь. Губернатора дуьххьара хаам бира, "дронийн кӀуркӀаманаш" бахьана долуш социйлан "тховх цӀе яьлла" аьлла. ТӀаьхьо хаам бира "ширачу диспетчеран бӀовнан гӀишлонна зенаш хилла аьлла". Забастовка йинчу меттигера зорбане даьхначу суьрташ тӀехь а, видеош тӀехь а гуш йу йохийна контролан бӀовнан гӀишло – лахарчу гӀатташ тӀехь, официалехь ма-аллара, "ширачу" пунктехь буьйса йуккъе йаьлча серлонаш латийна йара, ткъа официалехь дIахьедира, цигара кхаа стагана эвакуаци йарх лаьцна. Тохарш дар бахьана долуш тӀаьхьатеттинера 50 сов некъахойн цӀерпошташ, хаамбира Оьрсийчоьнан цӀерпоштнекъан компанино.

ТIамана алсамчу барамехь патармаш, йагориг, кхинйерг а цIерпоштан некъаштIехула дIакхачош йу

Товбеца-беттан 23-чу буса Новочеркасскехь массо а агӀор тӀелатар дира. Цигахь и дерриг а гуш хиллачара йаьхначу видеошца, лаххара а цхьа дрон кхетта гӀалин цӀерпоштнекъан вокзална тIе. Социйла йолчуьра Вокзальная урамехь чевнаш йина ши зуда дарбан цӀийне кхачийнера, вуно халачу хьолехь волу кхин цхьа стаг станцина 450 метр генахь долчу хӀусамера дарбан цӀийне вигира, хаамбира губернаторан декхарш кхочушдечу Слюсара.

Цу буса дронаш тоха гӀоьртира гӀалина гергахь лаьттачу Новочеркасскерчу ГЭС-на – амма, наха йаьхначу видеошка хьаьжча, цунах даккхий зенаш ца хиллера. Кхин цхьа дрон хаайелира цу буса Новочеркасскерчу Ростелекоман гӀишлонна уллехь.

ШолгӀачу буса Сочина массо а агӀор тӀелатар дира. "Сириус" олучу федералан дозана тӀехь йолчу Подкова цӀе йолчу йохка-эцаран центрна уллера «Роснефть» мехкадаьттан депо тӀе дрон тоьхнера. Объектана тӀелатар дар тӀечӀагӀдира меттигерчу администрацин куьйгалхочо Плишкин Дмитрийс. II стаг лазийра: виъ дарбан цӀийне кхачо везаш вара, шайна йукъахь ГИБДД-н белхахо а волуш – иза беракеманца кӀоштан дарбан цӀийне кхачийнера.

Дронийн кхин цхьа Ӏалашо йара Сочи аэропортана гергахь мехкадаьтта латтош йолу меттиг, амма и тӀелатар иштта аьтто болуш ца хилира: наха йаржийначу видеош тIехь гуш ду шаьш дронаш лелхар, амма лелхаш йац танкаш. Сочин администрацин куьйгалхочо Прошунин Андрейс хаам бира, Авиационная урамехь оцу буса йаьлла хилла цIе дIайайъарх лаьцна. Оццу хенахь Авиационная урамехь Оьрсийчоьнан цӀерпоштнекъан ши белхахо йелира, лазийнера кхин а кхоъ. ТӀелатар дечу хенахь уьш машенахь садаӀаран метте боьлхуш хиллера.

Товбеца-беттан 25-чу буса Ростовн кӀоштахь дронийн Ӏалашо йуха а цӀерпоштнекъ хилира: Песчанокопская станцехь "БПЛА-н гаьргаш" охьаэгар бахьана долуш зIенан маша бохийра. Оьрсийчоьнан къилбаседаца Поволжьеца а, Сибрехца а йузу зӀе йара и. Йохийнера ишта вокзалан гIишло а.

Краснодар-махкахь йолчу Тимашевская станцина а тӀелатар дира: цхьа сахьт ах сахьт башхалла йолуш, Песчанокопскаяхь санна, контактийн машанийн болх бохийра цигахь. Цул сов, геригаша йохийра вагонан ангали. Лоьрийн гIо эшнера корана уллехь хиъна Ӏачу некъахочунна. Оьрсийчоьнан цӀерпоштнекъан урхалло бинчу хаамца, буьйсанна дина тӀелатарш бахьана долуш тӀаьхьатеттира 22 некъахойн цӀерпошт. Тимашевская — йиъ агӀо цхьана хенахь вовшахтухуш йолу цӀерпоштнекъан разъезд ю, царех цхьаъ ГӀирме боьду некъ бу.

ШолгӀачу буса дронийн аьтто баьллера Волгоградан кӀоштарчу Жутово цӀерпоштнекъан вокзалан болх талхо. Дронаша тохар дира уггаре а гергарчу электроподстанцина, и бахьана долуш кхин а цхьа цIерпошт сацийра боьдучуьра, гена йолу ши рейс цхьана ханна дIатеттира, дийцира губернатора Бочаров Андрейс.

Дронаша доккха тӀелатар динера Ростовн кӀоштарчу Сальск станцехь. Лихая а, Тимашевская а санна, масех агӀо вовшахтухуш цӀерпоштнекъан узел йу иза а. Товбецан-беттан 29-чу буса тӀелатар дечу хенахь машенлелорхо вийра, ткъа меттигера цӀерпоштнекъан вокзал йохийнера: йагориг чохь йолчу товарийн цӀерпоштах цӀе йаьллера. Оьрсийчоьнан цӀерпоштан некъийн урхалло бинчу хаамца, I8 некъахойн цӀерпошт тӀаьхьатеттира 7 сахьте кхаччалц. ЦIерпошт болабала ши минот йисинчу заманчохь. Царах цхьаннан кораш дохийнера, амма адамашна кхин зенаш ца хуьлуш дирзира. Ӏуьйранна Новосальскехь ши сапер велира, охьайоьжна дрон цхьалхайоккхуш.

ТӀаьххьара цӀерпоштнекъан белхана новкъарло йира Волгоградан кӀоштарчу Котельники а, Тингута а станцешна дронашца тӀелатар дарца. Волгоградан губернатора Бочаров Андрейс кхетийра, цул тӀаьхьа 4 сахьте кхаччалц цIерпоштийн дIасалелар тӀаьхьатеттарх.

"Эскаран коьрта артери"

ЦӀерпошташ тӀаьхьайисарх лаьцна Оьрсийчоьнан цӀерпоштнекъан а, регионийн Ӏедалийн а хаамаш тӀехь некъахойн цӀерпошташ сецор бен дуьйцуш дац. Мохь дIасакхоьхьуш долчех дуьйцуш хIуммаъ а дац. Цуьнца цхьаьна аьчканекъан маша Оьрсийчоьнан эскаран уггаре а мехала логистикан артери йу, билгалдоккху израилхойн тӀеман аналитик волчу Шарп Дэвида сайтана йеллачу интервьюхь.

"ТIамана патармаш, йагориг, ишта кхин дIа оьшуш йерг а алссамчу барамехь дIакхачош йу цӀерпоштан некъаш тIехула. Цундела логистика, къаьсттина цӀерпоштан, хьалхарчу Ӏалашонех цхьаъ хила йеза. Нагахь санна, масала, тIеман гIирс 10 процентана лахбан йиш йелахь- иза а ладаме ду. Муьлххачу а тобанан денна йа хIора кIиранна йагорг, тIеман гIирс, кхин долу хIума латтор тайп-тайпана ду кеп-кепарчу артиллерина. БогIучу барамал а кест-кеста лахара кхачош хилахь – тIемалойн таронаш эшна йогIу", - билгалдоккху цо.

И тайпа кампани йолаяларан бахьана хила тарло Украинан техникан таронаш гучуйалар, шайна кхин хIара аьлла эшам а боцуш, цӀерпоштнекъан машанна дикка зенаш а деш, тохарш дан, аьлла хета Шарпна.

"Кхин цхьа маьӀна а ду: нагахь санна логистика гIад дайначу бараме кхочур йац аьлла, тешна бацахь а, кхин а тIе нерваш талхо гӀерта мегар ду. Масала, оьрсашна ницкъ бан ресурсаш дӀасайерзо, хьалха ларйина йоцу объекташ ларъян. Иза Украинана психологин эффект а, сина лун стимул а йу, ткъа Оьрсийчоьнна -и геннара тӀом бу, царах хьакхалуш бац аьлла ойла кхоллайалар. Ас цунах "хьийзош йолу акцеш" олу - цара корта лазар алсамдоккху, материалан зенаш до, мохь дIасакхехьар тӀаьхьатоьтту", - бохуш, кхетадо тӀеман эксперто.

Сочина тӀелатар деш АН-96 "Лютый" цIе йолчу дронех пайдаэцна хилла аьлла, тӀечӀагӀдира Conflict Intelligence Team тобан куьйгалхочо Левиев Руслана. Оьрсийчоьнан хьостанаша дийцарехь, изза дронаш йахийтинера Ростовн кӀоштарчу аьчканекъан вокзалашка а. Левиевс дийцарехь, Украинехь "Лютый" дронаш арахеца карарчу хенахь Германино ахча луш ду. Товбеца-беттан I7-чу дийнахь цо керла шина агӀонан барт бира Йоккхачу Британица. Цуьнца а догӀуш, шина пачхьалкхо Iалашо лаьцна Украинан Iаламат чIогIа оьшуш йолу ПВО-н герзаш латто. ПВО-на стохка динчу гӀоьнан барам совбаккха дагахь ду Германин Ӏедал – хьалхо иза I миллиард сов евро дара.

"Лютый" дронаш Украинан агӀоно лелош йолу дикка хан йу, ала мегар ду. Царех жигара пайдаэцар билгалдаьлла ду 2023-чу шеран гурахь дуьйна, хаам бо тхан сайте йозуш йоцчу тӀеман аналитико Михайлов Кирилла.

"Оьрсийчоьнан а, Украинан а дронаш хаддаза тойеш, кечйеш йу, шайна юкъахь тохарш даран ницкъ а алсамбаккхар долуш. ТӀаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан дозанаш тӀехула шасси йоцу "Лютый" верси хаайелла – оцу гӀуллакхо аьтто бо йа леларан диапазон алсамъйаккха, йа пайде гӀирс алсамбаккха", - бохуш, кхетадо цо.

Оццул гена йоцчу Ростов-кӀоштан хьокъехь аьлча, иза алсам лелха хӀуманаш хир йу бохург ду, тӀечӀагӀдо къамелдечо

Михайловс дийцарехь, цӀерпоштана тӀелатарш дарца доьзна хаттар - оццул дукха Украинехь керла техникан таронаш гучуйалар дац, мелхо а, и тайпа тохарш дӀакхачоран некъаш карладахар ду: "Украина шен тактика хуьйцуш йу, муьлхачо дика болх бо а хьоьжуш",- дерзийра цо.

  • Товбеца-беттан 9-чу дийнахь транспортан министралло хаам бира Геленджикехь аэропорт схьайелла кечамаш барх лаьцна. Оьрсийчоьнан къилбаседехь а, аннекси йинчу ГӀирмехь а цхьайтта аэропорт дӀакъевлинера кхерамазаллин бахьанашца Оьрсийчоьно Украинана тӀелатар дан долийначу дийнахь. ХӀетахь дуьйна дехкарш цхьана меттигехь бен дӀадаьхна дац - стохка стигалкъекъа-баттахь схьайиллира Элистара аэропорт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG